Новости ненан мотт сочинение

Сочинение по теме Ненан мотт-аганан илли 8 класс План 1 Маттах ляцна дош 2 Ненан мотт аган иллица бовзуьта буьйцу 3Дерзор. Часто, насмехаясь над моттом «сан ненан мотт», мы можем упустить его истинное значение. Сочинени Ненан мотт-сан деган Скачать 999 Кб.

Сочинение ненан мотт сан дозалла сочинение

Конкурс сочинений на тему: «Нохчийн мотт - ненан мотт» вчера в 15:27 10 просмотров В рамках реализации национального проекта «Образование», созданному по поручению Президента России федерального проекта «Успех каждого ребенка» в Наурском муниципальном районе Чеченской Республики 25. Цель: воспитание у подрастающего поколения чувства уважения к чеченскому языку и духовным ценностям чеченского народа. Данное мероприятие способствует нравственному воспитанию и патриотизму молодежи в современных условиях. Многие сочинения вызвали познавательный интерес, содержали редкие, интересные факты об историческом прошлом нашего района.

Доьзал — иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховк1 елахь, я кертахь 1 аш болу чоьхьара кхин гергара нах а бу.

Цо чулоцу цхьана дех схьабевлла шича-маьхчаллехь болу гергара нах. Доьзал, массо а декъашхо меттахь волуш, буьззина а, я буьззина боцуш а т1 ера да, я нана д1 аяьлла; я ший а д1 адаьлла гергарчу стага дола деш хила тарло. Бакъду, доьзал алар нийса хир ду, нагахь цхьаьна дехачу адамийн, ц1 ийца гергарло хилла ца 1 аш, оьздангаллин мехаллех болу кхетамаш цхьатера а, вовшашна юккъехь сий-ларам а хилахь. Доьзал кхоллар а, иза кхетош-кхиор а стагана дахарехь т1 ех1 уьттучу зерех уггаре коьртачарах цхьаъ ду, х1 унда аьлча, Дала боху Шен Сийлахьчу Къуръанчохь, Ша адаме хаттам бийр болуш кхо х1 ума ду: адамах шех а цо лелийнчух, дийдинчух … , цуьнан доьзалх а, цуьнан даьхнех а.

Цундела шен доьзал дас, я нанас охьатасар, я к1 езиг х1 ума бахьанехь вовшах а къаьстина, шайн берийн дахар дакъаздаккхар доккха къа ду. Доьзал — иза шина аг1 ор долу жоьпалла ду: денненан берашна хьалха, берийн дений-нанний хьалха. Lен-ненан жоьпалла хьалххехь д1 адолало, бер дуьненчу даларца. Оцу дийнахь дуьйyа д1 адоло дезаш ду иза кхетош-кхиор.

Бераца доьзна цхьа а х1 ума а дац к1 езиг. Цундела бен а доцуш хьежа мегар дад оцу г1 уллакхе. Бер дуьненчу даьлча, цунна ц1 е тиллар т1 едужу дена, нагахь дийна велахь дедена а. Ц1 е тилларх лаьцна цхьа стихотворени ю Дикаев Мохьмадан.

Цу т1 ехь винчу к1 антана ц1 ераш къестош ден доттаг1 ий бохкуш, цхьана воккхачу стага олу: Цхьана а деших, ахчанах эца а, терзанца оза а йиш йоцу хазна ю ненан мотт. Дуьненан къаьмнех вай къасториг а, вайх къам дийриг а — иза нохчийн мотт бу. Цунах доьзна ду вовшийн уьйраш, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, кхетам… Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а культурин бух хиларе терра, иза мелла а кIорггера дика Iамор вайн хIоранна а декхар ду.

Оцу хьокъехь нийса яздина ненан маттах лаьцна яздархочо К. Паустовскийс хIара дешнаш: «ХIора стеган а шен маттаца йолчу юкъаметтиге хьаьжжина, цуьнан культурин барам къастийна ца Iаш, цуьнан граждански мехалла кхоччуш нийса къасто мегар ду. Шен махке бакъ болу безам хила йиш яц матте безам боцуш. Муьлхачу а къоман коьрта билгало а, къам шен амалх, гIиллакхех, эхь-бехках, Iадатех ца долуьйту мокхазан чIагIо а ю мотт.

Цунах херделла адам, лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу. Ткъа мотт бицбинчо шен кхерч, ша схьаваьлла бух, дайн мохк бицбо. Цунна шен селханлера де а, кханенга боьду некъ а ца хаьа. Цундела ларамаза дац вай тахна дуьйна Iадаташ, эхь-бехк, ийман меттахIоттор ненан мотт кхиорна, марзбарна тIера дIадоло деза бахар а.

ГIиллакх, оьздангалла, юьхь-яхь йовзуьйту цхьаъ бен боцу гIирс бу иза. Царех коьртаниг — дешар, Iилма ду. Дешаро, Iилмано къоман хьекъал, кхетам кIаргбо, шарбо, къоман эзарнаш шерашкахь кхоьллина, гулдина диканиг, пайдениг, оьзданиг, хазаниг, Iилма, истори, мотт, культура, говзаллаш тIаьхьарчу тIаьхьенашка дIалуш ларйо, кхин тIе а кхиайо, дуьне довзуьйту, дахарна Iамадо. Вайн къомана тахана а, кхана а гуттаренна а оьшург ши Iилма ду — къам ийманехь кхио бусалба динан Iилма а, къоман дахар кхолла — дуьне нан Iилма а.

Ненан матто вай 1амадо Даймохк беза. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза. Дуьйцийла йоццуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам.

Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьост санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт. Наггахь хеза вайна: «Иза вовшех кхеттал бийца хиъча а тоьар дара», - олуш.

Ма - дарра аьлча, и стаг шен къомах цавашар ду. Иза д1адахнарг а, хиндерг а доцу стаг ву.

Дуьненан къаьмнех вай къасториг а, вайх къам дийриг а — иза нохчийн мотт бу.

Цунах доьзна ду вовшийн уьйраш, гергарло, хазахетар, халахетар, халкъан сий, къонахчун яхь, адамаллин хьекъал, кхетам… Халкъан кица ду: «Мотт у-къам ду, мотт бацкъам дац». Ненан маттал деза хIума хила йиш яц къоман кхолламехь, хIунда аьлча, мотт байна къам дуьненан букъ тIера дIадов. Даймохк а ца буьсу цуьнан — къоман бен хуьлуш бац Даймохк.

Ткъа къам матто латтош ду. Ненан маттахь долу йоза-дешар ца хаахь — иза доккха сакхт ду. Халахеташ делахь а, и санна сакхт долуш берш вайна юккъехь хIинца а хаалуш бу.

Стаг мел оьздангалла, гIиллакх долуш я лакхарчу даржехь хиларх ненан мотт кхоччуш ца хаахь цуьнан мах хадабойла дац. Нийса ца лоь аьлла хета нохчийн мотт къен бу, бийца хала бу олуш хезча. Къайле яц, нохчийн мотт сийлахь-баккхийчу Iилманчаша, яздархоша шена тIе тидам бахийтарца теллина а, хьалдолуш лерина а хилар.

Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а культурин бух хиларе терра, иза мелла а кIорггера дика Iамор вайн хIоранна а декхар ду. Оцу хьокъехь нийса яздина ненан маттах лаьцна яздархочо К.

«Бекалахь, ненан мотт, тахна»

Муха хир ву дуьненахь, уггаре сийлахь болу ненан мотт цабезарг, бийца цалуург, и къен хетарг. Нохчийн махкахь нохчийн. Оно должно быть написан про Великую Отечественную войну. Если вы еще не писали сочинение на тему «Ненан мотт сан дозалла», то осмелюсь предложить вам готовые варианты. Ненан Мотт — это талантливый музыкант, который смог завоевать сердца слушателей своей уникальной музыкой. Ненан Мотт – один из тех писателей, которые не боятся задавать сложные вопросы и вызывать дискуссии.

Ненан мотт – аганан илли

Сочинени Ненан мотт-сан деган Скачать 999 Кб. О важности знания и сохранения родного языка. Рассказывает в программе Азы Магомадовой «Ненан Мотт» Али Мурадов редактор Центра образовательно-информационны. Ненан мотт ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам д1адолу. Сан ненан мотт – это путь, который требует настойчивости и терпения. Ненан мотт Доккха маь1на лоцу оцу шина дашо шайна чу. Художник Ненан Мотт — талантливый мастер, способный передать свои эмоции и мысли через художественную форму.

Сочинение по чеченскому языку ненан мотт кратко сочинение

Заместитель главного редактора газеты «Даймохк», филолог Сайд-Хасан Дадаев, обращаясь к конкурсантам, отметил значимость сохранения чеченского языка. Знать и думать на чеченском языке - это по сути самое главное для нас, наряду с традициями и обычаями чеченского народа. Если не знать свой родной язык, то мы не сможем соблюдать традиции. Вы выбрали правильный путь, и я желаю вам не сдаваться и продолжать развивать чеченский язык,- сказал он.

Царех коьртаниг — дешар, Iилма ду. Дешаро, Iилмано къоман хьекъал, кхетам кIаргбо, шарбо, къоман эзарнаш шерашкахь кхоьллина, гулдина диканиг, пайдениг, оьзданиг, хазаниг, Iилма, истори, мотт, культура, говзаллаш тIаьхьарчу тIаьхьенашка дIалуш ларйо, кхин тIе а кхиайо, дуьне довзуьйту, дахарна Iамадо. Вайн къомана тахана а, кхана а гуттаренна а оьшург ши Iилма ду — къам ийманехь кхио бусалба динан Iилма а, къоман дахар кхолла — дуьне нан Iилма а. Дуьненан Iилма ца Iамийча, вайн къомана дуьне а девзар дац, шен дахар кхолла а хуур дац.

Хьехархочо урок дIахьош, хуьлийла и нохчийн меттан я литературин урок, цунна хаа деза гуттар а ша кхочушдан дезаш долу декхар: иза доьзна ду вайн меттан сийлалла, хазалла, культурин мехалла йовзийтарх. ХIара дерриге а дуьне дуьзна ду Делан къинхетамах. Дала къинхетам бо ша мел кхоьллинчу хIумнах: адамах, Iаламах. Дала лардойла вай шен къинхетам боцуш дисарх.

Мах хадо йиш йоцуш деза ду Кунта-Хьажас аьлла дешнаш, цо бина кхетам а: — Ас диъ хIума дуьйцур ду шуна, аьлла цо. Царах шиъ аша дицдан дезаш ду, ткъа важа шиъ гуттар а дагахь латто дезаш ду. Шаьш нахана дина дика дицделаш; иза аша дийцахь, и динера аьлла, Делера ял хир яц шуна. Шайна наха дина вон а дицделаш; иза дицдарца шу цунна генадовлу, иза шух дIакъаьста.

Ткъа цкъа а диц ца деш, аш дагахь латто деза ши хIума: вай дала дезаш хилар а, Далла дуьхьал хIитта дезаш хилар а ду.

Дукхахьолахь и хаарш, хаарех пайдаэцар, оьшучу барамехь лелор кхочушдо хьехаран а, 1аморан а маьхькамашкахь, ишколашкахь. Цу маьхькамашкахь и инзаре а, чолхе а хаарш, 1илманан баххаш т1ехь дешархошна д1алуш, хьоьхуш къахьоьгуш ву хьехархо. Заманан денна хийцалуш лаьттачу хьелашка хьаьжжина, Нохчийн Республикин Дешаран Минисерствос т1е а эцна, ч1аг1йина йолу керлачу программаша вайна, хьехархошна т1е декхар дуьллу ишколехь ненан мотт а, ненан меттан литература хьехаран г1уллакхаш кхин а тодан, лакхарчу т1ег1ан т1е даха а. Дешаран декъехь хуьлуш мел бакхий хийцамаш белахь а, хаарш д1адаларан а, т1еэцаран а, т1екхуьу чкъор кхетош-кхиоран кеп урок хилаза ца йолу. Ткъа таханлерачу дийнахь пачхьалкхан т1едахкаршца ламасталлин йолчу урокан кеп хийцина, керлачу лехамашца д1аяхьа еза. Методика хийца еза, цу юккъе керла технологиш ялош.

Хьехархочо урокана х1отточу 1алашонах, хоржучу коьчалх, нийса билгалдинчу методически некъех дозуш хуьлу цуьнан жам1аш а, 1аморан а, кхетош-кхиоран дикалла а. Х1инцалера урокаш къаьсташ ю вовшахтохаран кепаш тайп-тайпана хиларца: семинараш, лекцеш, ловзарш, конференцеш и д1. Кхузахь а цхьацца кхачамбацарш хила тарло: билгалйинчу темин 1алашоне кхачарехь долу хаарш къасто цахаар, урокийн цхьацца долчу дакъошка тидам тоъал цахилар, дешархой дешарна т1еберзон хьелаш цакхоллар, урокан кхетош-кхиоран дакъа тидаме цалацар. Ткъа таханалерачу дийнахь, х1ора дешархо тидаме а лоцуш, урокашна т1ехьажам хила беза. Х1инцалерачу урокан кеп билгалйийриг ду: хаарш даларан декъехь дан дезарг билгалдаккхар, дешархошна тоъал хаарш далар, тайп-тайпана болхбаран кепаш йовзийтар; 1амош долчуьнан чулацамца йог1у кепаш а, некъаш а харжар, дешрхошна кхачаме хаарш луш долу болх вовшахтохар, дагалаьцнарг кхиамца, дика жам1аш долуш чекхдериг хиларан тоьшалла а луш; ненан матте, 1амабаре лаам кхуллу 1аморан кепаш харжар. Урокехь дешархоша дечун нийса мах хадо хаар, муьлхачу жам1ашка сатийса йиш ю урокан юьхьехь д1ахаийтар; болх бан дог доуьйту хьелаш хилийта хьовсар, кху кепара юкъаметтигаш шайца йолу — хьехархо-дешархо, дешархо-дешархо, дешархо-хьехархо. Тахана хьехархо вац гуттар а дешархошна дийца дезарг.

Дешархой бу шайна хьалха лаьттачу хаттаршна жоьпаш лохуш, лехамийн новкъахь алссам къахьега дезаш. Вайн, хьехархойн декхар — уьш цу новкъа бахар, цаьрга шайн хаарш гулдайтар. Цхьана низамехь теманашца нисйинчу урокаша таро ло, х1ора темина хаттар къасто, цу темина йог1учу урокийн тайпанаш харжа, уьш вовшашца йоза. Урок вовшах тухуш билгалдан деза: урокехь кхочушдан деза 1аморан а, кхетош-кхиоран а декхарш; дешархошна хаа деза, муьлхачу жам1ашка дог даха йиш ю, муьлхачу лакхене кхача йиш ю; керла тема йовзар халонга дерзон тарлуш хилар; йийцаре еш йолчу материалаца дог1у методически некъаш; 1аморехь оьшуш болу г1ирсаш; ц1ахь бечу белхан чулацам, барам, кхочушбаран кепаш. Урокан кеп хоржуш тидаме эца деза дешархойн хаарш. Ледара а, дика а доьшуш болу дешархой саццаза тидамехь латторо аьтто бийр бу сатийсинчу жам1ашка кхачарехь. Тайп-тайпанчу белхийн кепех пайдаоьцуш вовшахтоьхначу уроко г1о дийр ду эвсаре а, пайде а хин йолчу кепара урокан хенах пайдаэца, дешархоша ц1ахь дечу дешаран барам харжа а.

Уьш хила тарло: урок-тобанашкахь болх бар; урок-1аморан дарс; урок-кхетор; урок-гайтам; урок-проектни хьесапаш кхочушдар; урок-талламаш бар. Иштта д1ахьош болчу балхо кхачаво х1инцалерачу лехамашка, кхиадо юкъара дешаран дараш а, хаарш а УУД.

Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1 ума дийца йиш яц вайн, цхьана а х1 уманах лаьцна х1 умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт - иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1 уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: " Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац". Сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду. Вай нохчий ду.

Веза-Воккхачу Далла кхоьллина вай нохчий: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1 иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна Нохчийн мотт! Со йинчу, х1 ара дерриг а Дуьне вайна совг1 атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу сан Ненан мотт-х1 ун хир ду цул деза, цул сийлахь, цул хьоме?!

7 класс сочинение по чеченскому языку

Сочинение ненан мотт на чеченском Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза?
Гайрбекова М. "Нохчийн мотт – сан дозалла!" Нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. Ненан матто вай 1амадо Даймохк беза.

Сочинение по чеченскому языку ненан мотт

«Ненан мотт» — это не просто слова, это команда к действию, мотивация к достижению успеха и постоянной борьбе за свои мечты. Также считается, что ненан является символом силы и защиты, и его присутствие в округе означает благополучие и удачу. "Ненан мотт" (Рамазан Берзлоев) Язык прекрасный, как рассветы, Как дымка в небе предрассветном, Как не любить его возможно Коль раз хоть слышал, Боже, Боже!

Наши партнёры

  • Сочинени ненан мотт
  • Сочинение на тему нохчийн мотт на чеченском
  • Сочинение ненан мотт на чеченском
  • Предварительный просмотр:
  • НЕНАН МОТТ - НЕНАН СИЙ... - Нийсо-Дагестан
  • Гайрбекова М. «Нохчийн мотт – сан дозалла!»

Нохчийн матттах лаьцна сочинени

"Ненан мотт" (Рамазан Берзлоев) Язык прекрасный, как рассветы, Как дымка в небе предрассветном, Как не любить его возможно Коль раз хоть слышал, Боже, Боже! Художник Ненан Мотт — талантливый мастер, способный передать свои эмоции и мысли через художественную форму. Ненан мотт — Ненаца уьйр йолуш бу, Ненан сий деш воцург къонах а вац. Вокруг Ненан Мотт Дахаран Хазна раскинулась живописная природа, которая завораживает своей красотой и разнообразием. Сочинение по теме: По чеченскому языку ненан мотт кратко мотт, оьзда гІиллакхаш. Дуьххьара дош ала Іамош ерг а, цІенкъахь хьалхара гІулч яккха дуьххьара шен ховхачу куьйгаца вайн куьг схьалаьцнарг а нана ю. Ненах доьзна. Ненан мотт 1амош, коьрта тидам т1ебахийта беза 1амор шардеш, ч1аг1деш г1о дечу тайп-тайпанчу шардаршна.

Похожие новости:

Оцените статью
Добавить комментарий